Нуьцкъаша куьг йаздайтина тIамтIе вигина хилла Дагестанера дешархо вайна

Муртазалиев СаьIид

2025-чу ше6ран дечкен-баттахь 18 шо долу Дагестанера дешархо Муртазалиев СаьIид садаIа Москва вахара, цигахь полицино тергоне ийцира иза. Цо дина зулам бахьана долуш, шаьш иза лаьцна вуьтур ву аьлла, кхерамаш а тесна, СаьIиде тIеман министраллица хIоттийначу контрактана куьйг йаздайтира. Цуьнан нанас бахарехь, дешархочунна кхерамаш тийсина ца Iаш, тIехь ницкъ бина а хиллера – шийла хи тIедуьттуш, противогаз бета тIе йуьллуш, йетта а йиттина хиллера.

"Окно" проектан текст:

ТIаьххьара шен нене телефонехула вистхила аьтто хилла СаьIидан зазадокху-баттахь – хIетахь дуьйна эскархошкара иза волчу меттигах лаьцна хаам ца кхочу цуьнан нене.

"Оцу беро школа а чекх ца йаьккхина!"

ХIинжа-ГIалара кIентан Муртазалиев СаьIидан аьтто ца баьлла школа чекхйаккха а – дечкен-баттахь Москва ваханера иза шен доттагIашца цхьаьна, цул тIаьхьа цIа веана вац.

– Со хууш йац, билггал стенна иза бехке вина цара, хӀунда аьлча, цара [полицино] цаьрга хӀумма а ца дийцира. 159-гIа артикл йу цара йуьйцург – курхалла лелор, шех тешначух тешам байар. Ткъа хIун бозбуунчалаш лелор дара 17-18 шераш долчу бераша? Кафе чохь йиъначух ахча охьа ца диллина?, - эргIад оьху Нахшунова Лайлаъ.

Доьзале маса хаам бина а ца хиллера церан кIант лацарх лаьцна. Шен кӀант Лайлаана карийначул тIаьхьа, цо мукӀарло дина хиллера, полисхойн декъехь шайна тIехь гIело хьегийтина аьлла.

- Лаьцна масех де даьллачул тIаьхьа оцу берашка бертаза контракташна куьйгаш йаздайтина цара! КхоалгӀачу дийнахь адвокат вахийтира оха, цуьнга куьйг ца таIадайта. ТӀаьхьа дара. СаӀида дийцира, ша контрактна куьйгяздина адаме лалур доцу Iазап шена тIехь хьегначул тIаьхьа – цара противогаз бета тIе а йоьллина, са дукъош хиллера, тIе шийла хи а дуьттуш, йиттинера. Цара чӀогӀа хьийзийнера иза, хеттарш дечу хенахь иза кхетамчуьра а волуш. Цуьнан са малдархьама дог долчу меттиге йетташ хиллера цунна. Ишта йиттича дегIа тIехь лараш а ма ца йуьсу, - дуьйцу Лайлаа. – ХIаъ, дера цо цо [контрактна] куьг йаздина шена тIехь гIело латторна. Иза цхьана а эскаре ваха дагахь вацара. Цуьнан тIеман билет а ма дац ур-атталла. Иза бер ду! Школа чекх а йаккхаза долу бер ду!

КӀира а далале, СаьӀид Луганскан кIошта тIаме хьажийра. Цу масех дийнахь иза ур-атталла полицин декъан гӀишлочуьра ара а ца валийтира.

КIентан гергарчара дийцарехь, Муртазалиев СаӀид "вербовка" йеш дакъалоцуш хилла йу 36 шо долу Шатуры гIалара чоьхьарчу гӀуллакхийн декъан талламча Забелкина Надежда.

- СаьIида гергарчаьрга тIаьхьо хаамбарца, талламхошна "премеш" лур ду аьлла 100 эзар сом гергга, нагахь санна, лецначарна, чохь латточарна вербовка цара йахь. 100 эзар соьмах "воьхкина-кх" кIант, - бохура доьзалан гергарчу зудчо.

Москван тӀеман гонан 1-чу гвардин танкийн 272-чу мотокхийсархойн полкан штурман ротин батальонехь дIатарвира дешахрхо. ТIамтIехь кхаа баттел тIех хан ца йаьккхира цо.

- Дечкен-баттахь дара иза. Оха дIахьедарш дира тхешан ка мел йолучу, амма цунах гIуллакх ца хуьлура. Ши бутт сов хан йаьлча, сан кӀант тӀепаза вайра "тӀеман зонехь", - дуьйцу нанас. - ТӀаьххьара ас цуьнца къамел дира 6 бутт гергга хьалха. Зазадокху-беттан 7-чу дийнахь цо телефон туьйхира. Тхо кхийтира, дIахьедарша а, кхелаша а иза араваккха гӀо деш цахиларх, оха сацам бира, и гIуллакх нахаладаккха. Цо видео дӀаязйира, ша хӀинца а эскарехь хьийзош ву аьлла - цуьнан командираша ахча доьхуш хиллера салташкара, дукха ахча. Цунна дуьхьал аьлла хиллера, хIара а, цуьнан накъостий а тIом бан бохуьйтур бац. СаьIида ахча дIаделлера, оха гулдина шена даийтина долу. Амма хIетте а тIаме хьажийнера иза.

Гергарчара дийцарехь, СаӀидан командирна цхьа миллион сов ахча делла "цуьнан дахарна" дуьхьал.

- Шен "алапа" тӀера 650 эзар сом делира цо, оха кхин а тӀетуьйхира. Миллион сов вовшахкхеттера, - дуьйцу Муртазалиевн гергарчу зудчо. - Амма цунах гӀо ца хилира. Цхьана Сибрехара лейтенанто штурме хьажийра иза, обнулить" аьлла, омра а луш. ХӀунда аьлча, СаьӀида масаарна а гуш-хезаш латкъамаш бинера, шегара ахчанаш дахарх а, вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсарна а.

Зазадокху-беттан 7-чохь СаьӀида шен нене видео йахьийтира, иза интернетехула дIасайаржор доьхуш. Цу тIехь цо дуьйцу, "полкан командиран омрица 1 миллион 150 эзар ахча гулдинера ша, кӀентий штурме ца бахийта".

- Цул тӀаьхьа СаӀиде аьлла хиллера, иза "теш хиларна вуьйр ву" аьлла. Иза дан "Алтай" а, "Кило" а билгалонан цIераш лелочу эпсарша омра динера "Спартак" цIе лелочуьнга "Обнулить Муртазалиева" аьлла. Ткъа и видео зорбане йаьллачул тӀаьхьа шолгӀачу дийнахь СаӀид тӀепаза вайна аьлла дӀакхайкхийра! - боху цуьнан гергарчу зудчо.

Хууш ду, "Алтай" цIе йолу лакхара лейтенант, 25 шо долчу Прасолов Михаил Алтайра Быстрый Исток эвлахь кхиъна хилар, Топчиха йуьртахь школа йаьккхина цо, цул тIаьхьа Новосибирскера тIеман лакхара школа а чекхйаьккхинера цо 2023-чу шарахь. Оццу шарахь тIамтIе вахара иза "Доьналлина" мидал йелира цунна. ХIун хьуьнар гайтинера Михаил Юрьевича "Украинехь тӀеман мисси кхочушъеш", ца дийцира хьаькамаша цу совгӀатах лаьцна хIоттийначу пресс-релизехь.

"Дождь" телеканало йаздо, карарчу хенахь Прасолов Михаил а, салташкара ахчанаш дохуш, "обнулить" боху омранаш дарна бехкеберш а талламо зуьйш бу, амма маьрша бу уьш. Хьалха а санна, тIеман Iалашонашкахь дакъа а лоцуш, тIеман хьалхарчу позицешкахь бу уьш", - йаздо гIирсо.

2025-чу шеран зазадокху-баттера схьа дуьйна официалехь тIепаза вайна лоруш ву Муртазалиев СаьIид.

"Адвокато элира, кӀентан буьйранчашна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх долийна аьлла. 105-чу артиклца а догӀуш, стаг верна. Амма Лайлаъ цкъачунна цхьанхьа а кхайкхина йац хеттарш дан а", - дуьйцу Нашхунован гергарчо.

"Оьрсийчохь долчуьнга хьаьжча, Украинехь нуьцкъала мобилизаци йу дIахьош, урамехь жӀаьлеш санна бертаза лоьцуш бу нах", - дIахьедира Путин Владимира стигалкъекъа-беттан 13-чу дийнахь "Деловая Оьрсийчоь" йукъараллин декъашхошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь. Дуьххьара олуш дац цо и дешнаш; изза элира цо 2024-чу шеран гIуран-беттан 19-чу дийнахь шен дуьххьалдIа йоьдучу конференцехь а.

Бакъду, ма-дарра аьлча, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша а, тӀеман комиссариаташа а, Оьрсийчоьнан ТӀеман ницкъийн эпсарша а бертаза контракташна куьйгаш йаздойту мигранташка а, салташка а, тутмакхашка а. ХӀинца оцу тептарехь бу дешархой а.